Занятие по духовно - нравственному воспитанию

04.02.2022

Сегодня педагогом по духовно - нравтсвенному воспитанию Заурбековой Л.С. было проведено занятие с участием имама мечети им.Умара ибн Хаттаба Бибулатова С.М.

Кунта-Хьаьж (Дала къайле тайойла цуьн) иза ша Илсхан-Юьртара ву. Цигахь вина а ву иза. Цуьнан да а, деда а Илсхан-Юьртахь Iийна бу. Цуьнан дахарехь коьртаниг ду иза кIадарий тIарикъат даржийна хилар. Иза дуьххьара Къилбаседа Кавказе деанарг а, даржийнарг а Киши Хьаьжа ву. Схьагуш долчу суртаца, иза Iелим стаг, дешна стаг ца хилла. Делан гергара нах олу-кх цу тайпачу нахах бусулба динехь. Иза наггахь хуьлуш хIума ду. Цуьнан цхьа билгало хуьлу. И стаг Дала цхьана кепара къастийна хуьлу. Цо дIахаийта дезарг дин чIагIдар ду, дин довзийтар ду, дин марздар ду, дин хаздар ду. Оцунна тIехь вуно дукха болх бина ву Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тайойла цуьн). Иза Хьаьжийн цIа вахана хилла, цу хенахь Мисара кхаьчна иза. Цигахь шена гинарг а, девзинарг а ду цо даржийнарг».